Боярчук, Александр Алексеевич
Боярчук Александр Алексеевич | |
---|---|
Файл:Александр Алексеевич Боярчук.jpg | |
Вина терахь | 1931 шеран 21 июнь |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохчийн автономин область, Къилбаседа-Кавказан мохк, РСФСР, ССРС |
Кхелхина терахь | 2015 шеран 10 август (84 шо) |
Кхелхина меттиг | Москох, Росси |
Пачхьалкх |
ССРС Росси |
ГӀуллакхан тайпа | физик, астроном |
Ӏилманан кхоче | астрофизика |
Белхан меттиг | РӀА Астрономин институт |
Альма-матер | |
Ӏилманан дарж | физикан-математикан Ӏилманийн доктор |
Ӏилманан цӀе |
ССРС ӀА академик (1987) РӀА академик (1991) |
СовгӀаташ а, премеш а | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Боярчу́к Алекса́ндр Алексе́евич (1931 21 июнехь, Соьлжа-ГӀала — 2015 10 августехь, Москохахь) — советийн а, российн а физик, астроном. РӀА академик (1987 шарахь дуьйна). РӀА Астрономин институт Ӏилман куьйгалхо.
Ӏилман гӀуллакхан коьрта агӀо ю седарчийн физика. Цуьнан белхашна далийна 2000 сов цитата ду, зорбатоьхна 1986 шерал тӀаьхьа. Хиршан индекс — 21[1].
Биографи
1953 шарахь чекхъяьккхира Ленинградан университет. Цул тӀаьхьа болхбира ССРС ӀА ГӀирман астрофизикан обсерваторехь. 1969 шарахь дуьйна обсерваторин директоран Ӏилман белхан гӀовс ву. 1976 шарахь хаьржина ССРС ӀА корреспондент-декъашхо, ССРС ӀА академик — 1987 шарахь. 1987 - 2003 шерашкахь вара РӀА Астрономин институтан директор (1990 шо кхаччалц — ССРС ӀА Астрономин кхеташон председатель, цунах йира институт). 1991 - 1993 шерашкахь вара Дуьненаюкъара астрономин союзан президент.
ДӀавоьллина Троекуровн кешнашкахь.
Ӏилман кхиамаш
А. А. Боярчукан Ӏилман белхийн тема ю седарчийн физикех лаьцна. Цуо талламаш бина тайп-тайпанчу классан седарчийн Химин хӀоттаман, масала, карийна сов гелий β Лирехь. А. А. Боярчука Ӏамийра седарчийн атмосферашкахь леларш, ткъа кхин а седарчий хьийзар. Цхьа могӀа белхаш бина стационаран доцучу седарчашна тӀаьхь а.
Шийла гигантах а, йовха буйдолах а лаьтташ йолу симбиотийн седарчийн — шала системан модель йинарг ву. Оцу моделан бух тӀаьхь мах хадийна цу объектийн массан, йоккхаллин бараман, температуран, кхин амалийн а.
Э. Р. Мустельца цхьаьна гайтина керлачу седарчийн чкъоьран модель.
А. А. Боярчукан куьйгаллийца йина космосан ультрафиолетан телескоп «Астрон».
Юкъараллин гӀуллакх
- РӀА хьехамча
- РӀА Физикан Ӏилманийн дакъа куьйгалхо
- РӀА Астрономин институтан Ӏилман куьйгалхо
- РӀА Космосех долчу гӀуллакхийн кхеташон председателан гӀовс
- Российн астрономийн къоман комитетан председатель
- Американ астрономин юкъараллин декъашхо
- Американ физикан юкъараллин декъашхо
- Йоккха Британин Паччахьан астрономин юкъараллин декъашхо
- Европан астрономин юкъараллин декъашхо
- Дуьненаюкъара астрономин союзан декъашхо
- «Астрономин журналан» коьрта редактор
- РӀА Ӏилман-арахецаран кхеташо физикан-математикан Ӏилманашкара литературан секцин председатель
СовгӀаташ
- ССРС Пачхьалкхан совгӀатан лауреат (1984)
- «Сийлаллин Билгало» орденца совгӀат дина (1976)
- Сийлаллин орденца совгӀат дина (1996)[2]
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орденан кавалер (2000) — пачхьалкхан хьалха динчу гӀуллакхашна а, дуккха шерашкахь дика къахьегарна, къаьмнашна юкъахь доттагӀалла а, юкъаметтигаш а чӀагӀдеш доккха дакъа лацарна[3]
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 3 тӀегӀанера орденан кавалер (2007)[4]
- Ф. А. Бредихинан цӀарах совгӀатан лауреат (2001)
- А. А. Белопольскийн цӀарах совгӀатан лауреат (2011)
- ППУ Сийлахь доктор (2001)[5]
А. А. Боярчукан сийнна цӀе тиллина, ГӀирман астрофизикан обсерваторин астранома Н. С. Черныха 1977 шеран 22 мартехь дӀайиллина йолу, жима планетан (2563) Боярчукан[6][7].
Билгалдахарш
- ↑ List of Russian scientists with scitation index > 1000
- ↑ Награждён указом Президента России № 627 от 2 мая 1996 года Архиван копи 2013 шеран 9 ноябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 12 июля 2000 года № 1299 «О награждении государственными наградами Российской Федерации» . // Официальный сайт Президента России. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 22 июль.
- ↑ Награждён указом Президента России № 543 от 26 апреля 2007 года Архиван копи 2013 шеран 9 ноябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Почётные доктора СПбГУ — Санкт-Петербургский государственный университет
- ↑ База данных MPC по малым телам Солнечной системы (2563)(ингалс.)
- ↑ Кеп:Книга:Словарь имён малых планет
Литература
- Колчинский И.Г., Корсунь А.А., Родригес М.Г. Астрономы: Биографический справочник. — 2-е изд., перераб. и доп.. — Киев: Наукова думка, 1986. — 512 с.
- Губарев В.С. Секретные академики. Кто сделал СССР сверхдержавой. — М.: Вече, 2015. — 320 с. — ISBN 978-5-4444-2546-6.
Хьажоргаш
- Профиль Александра Алексеевича Боярчука РlА официалан сайтехь
- Академику Боярчуку Александру Алексеевичу — 75 лет! РАН (2006 шеран 21 июнь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 18 январь. Архивйина 2012 шеран 15 апрелехь
- Фотопортрет А.А. Боярчука в галерее выдающихся учёных МГУ "Портрет интеллекта", созданной в 2005 г. к 250-летию университета (фото Сергея Новикова).
- Бинарш 21 июнехь
- Бинарш 1931 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Соьлжа-ГӀалахь
- Белларш 10 августехь
- Белларш 2015 шарахь
- Белларш Москохахь
- Кепаш:Лакхара дешаран меттигехь дешнарш
- Физикан-математикан Ӏилманийн докторш
- ССРС ӀА баккъала болу декъашхой
- РӀА баккъала болу декъашхой
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» III тӀегӀан орденан кавалераш
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орденан кавалераш
- Сийлаллин орден йелларш
- Сийн хьаьрк» орденан кавалераш
- ССРС Пачхьалкхан совгӀатан лауреаташ
- Ӏилманчаш абатца
- Википеди:Сурт доцу агӀонаш: тӀейуза P18 Викихаамашкахь
- ССРС физикаш
- Российн физикаш
- ССРС астрономаш
- Астрономаш абатца
- XX бӀешеран физикаш
- Ф. А. Бредихинан цӀарах астрономин совгӀатан лауреаташ
- ППУ сийлахь докторш
- А. А. Белопольскийн цӀарах совгӀатан лауреаташ
- МПУ физикан факультетан хьехархой
- Российн астрономаш