Географин аса
Географин аса (фи́зикан-географин аса, Ӏаламан аса) — шораллин агӀора дуьненан аса тесна географин чкъоьран уггаре доккха зонийн дакъа. Географин аса шайалар хуьлу коьртаниг мелхан радиаци тӀейар гергара хилар бахьнехь. ХӀора географин асанан йу, луларчух къаьсташ йолу, билгалайаьлла радиацин (йовхонан) баланс; дукха хьолахь атмосферан циркуляцин йукъара аматаш, масала барамера шораллашкахь — хӀаваийн массийн малхбузера дӀайахьар; хӀуманаш а, энерги а Ӏаламехь хьийзаран сихалла, ораматийн вегетацин муьран ритмика, рельефкхолларан а, биохимин процессийн а сихалла а, тайпанаш а, лаьттан а, дийнатийн а коьрта аматаш. ХӀора географин асан бу шораллийн а, йохаллийн а (иногда резко различных по увлажнению), локхаллийн а Ӏаламийн (ландшафтийн) зонийн башха гулам а, аматаш а. Дуьненан Ӏапказ чохь — цхьаьна тайпана лела хиш, хин температура йекъар, планктонан коьрта амал а, цуьнан дебар а. Ӏапказийн лела хиш йа йаккхий рельефан кепаш бахьнехь асанан шоралла цхьатерра йац дуьненан гуонаха. Дуьне декъало лахарчу географин асанашна[1]:
- арктикан,
- субарктикан,
- къилбаседан бараме,
- къилбаседан субтропикан,
- къилбаседан тропикан,
- къилбаседан субэкваторан,
- экваторан,
- къилбан субэкваторан,
- къилбан тропикан,
- къилбан субтропикан,
- къилбан барамера,
- субантарктикан,
- антарктикан.
Географические аса цхьаьна йогӀу климатан асанашца. Зонан а, регионан а башхаллашца физикин-географин аса йекъало географин зонашка а, секторшка а. Дукхаха йолу ломан системашкахь, йовхо охьайалар бахьнехь а, кӀажошкара боьххье кхаччалц тӀуналла хийцайалар бахьнехь а билгалйовлу локхаллийн асанаш[2]. Арктикан а, антарктикан а асанех олу полюсан асанаш, ткъа субарктикан а, субантарктикан а — субполюсан асанаш[3].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Географин асанаш хиларан хьалхара гипотеза кхайкхийра ширагрекийн Ӏилманчо Аристотела. Цуо лорура, дуьне кхаа тайпана климатан асанашка декъаделла, экваторан гена валарх доьзна а долуш.[4]
Экваторан гергара область дахарна чӀогӀа йовха хиларан ойла йеш, Аристотела билгалйаьккхира экваторан шина агӀора регионаш (23,5° къ-с.ш. — 23,5° къ.ш.), цунах элира «Йовха аса». Цуо лорура, Къилбаседа Полюсан Гуон тӀиера полюсан тӀекхаччалц гуттаренна гӀура хилар. Дахаран пайден йоцучу оцу асанах цуо элира «Полюсан аса». Аристотела цхьа меттиг лорура дахаран пайден, иза йара «Полюсан асан» а, «Йовха асан» а йукъара «Барамера аса». Барамера аса дахаран уггаре дика меттиг лара Аристотелан доккхачех бахьна дара, иза ша а оцу асанехь вехаш хилар.
Географех долу Ӏилма тодалар бахьнехь, шолгӀа «Барамера аса» билгалйаьккхира экваторан къилбехьа, ткъа шолгӀа «Полюсан аса» — Антарктикан гуонаха.
Аристотелан карта чӀогӀа доца дина дара, хӀетте а ойла нийса йара. Тахана леладо немцойн-оьрсийн климатолога а, ботаникаезархочо а Кёппен Владимира (1846—1940) дина климатан карта. Дуьне декъна коьрта йалх климатан областашка, беттан йочанийн а, температуран а бараме хьаьжжина.
Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Къилбаседан тропик
- Къилбан тропик
- Параллель
- Климат
- Алисовн климатийн классификаци
- Кёппена климатийн классификаци
- Холдриджан схема
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ ГЕОГРАФИЧЕСКИЙ ПОЯС // ГЕОГРАФИЧЕСКИЙ СЛОВАРЬ
- ↑ АСАА ФИЗИКО-ГЕОГРАФИЧЕСКИЕ — йаззам бу «Большого Энциклопедического словаря»
- ↑ Асаа физико-географические // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- ↑ Aristotle, Meteorology, Bekker numbers 362a33-362b29